И доьзна дара хIокху беттан 25-чу дийнахь вайн махкахь билгалдоккхурдолчу нохчийн меттан Денца.
Ахмадов Сайд-Iабдуллас культуран белхахошна дийцира тахана махкахь нохчийн матто лелочу маьIнах а, цуьнан сийлаллех а, дахарехь цунна кхочучу меттигах а лаьцна. Карладаьккхира 2009-чу шарахь Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана нохчийн мотт республикан пачхьалкхан мотт хилар чIагIдеш Указ тIеэцна хилар а.
Гулбеллачеран дехарца, адамашлахь АллахI-Дала уггаре веза а, сийлахь а кхоьллинчу Мухьаммад Пайхамаран (с.I.в.с.) сийлаллех долу башха дийцарш а довзийтира хьешо. Массарна а хаза, боккха, беза кхаъ хилла чекхделира и башха цхьанакхетар.
Нохчийн Республикан Парламентан пресс-служба

