Парламент
Чеченской республики

Маьршачу дахаре къастийна некъ

Х1ора шеран 23-г1а март 1ай, б1аьстей къаьста де лоруш ду,  махкарчу 1аламан низаме дилча, вай къомо. Ткъа  2003-чу шеран 23-г1а март Нохчийн Республикехь дехачу массо а къаьмнийн а дахарехь 1ай, б1аьстей къаьстина де ду, аьлла, билгалдаккха йиш йолуш ду, соьга хаьттича. 

Х1унда аьлча,  цу дийнахь нохчийн халкъо къастийра шен хинйолу кхане, керла конституци т1еэцарна лерина йолу референдум д1аяхьарца. 90 %  сов бахархоша дакъа а лоцуш, сел чолхечу хьолехь, цхьа а гал-морзахаллаш доцуш, дика чекхъелира и референдум. Цу дийнахь яьккхира нохчийн къомо машаречу дахаре йолу шен хьалхара г1улч.

Масех шарна гена девллехь а, х1инца а,  т1аьхьахьаьжча, букъ берзийна а довлаза,  шен къизалла яза, дегнашна хиллачу чевнийн лазар лахдалаза, моьнаш берзаза ду  т1еман и хала шераш. Цу халчу хенахь, ког баьккх-баьккхинчохь блокпосташ а йолуш, х1ора юьртахь, г1аланашкахь хуьлуш «зачисткаш», адамаш идор, талораш дар, нах байъар а долуш, т1еман къизалло к1аддина халкъ,  дерриг а бохург санна,  араделира шен лаам гайта.

Контртеррорестически операции д1ахьош а йолуш, боьдуш т1ом а болуш, референдум ялур а яц, йича а, цу референдуме адам дог1ур а дац, бохуш берш а болуш, харжаман комиссин декъашхошна а, бахархошна а халкъан мостаг1аша  кхерамаш а туьйсуш,  и референдум, х1уъа бахьана х1оттийна а, ца хилийта г1ерташ болчеран 1алашо йохош, нохчийн къомо, цу дийнахь,  ара а даьлла,  керла конституции т1еэца езаш хилар къобал а дира, и конституции т1е а ийцира.

Къомо къастийра, Нохчийн Республика, шен конституции а йолуш, Россин субъект а ларалуш, массо а къаьмнашца машар а,  барт а безаш, Россин кхийолу субъекташ а санна, маьршачу дахаран республика хилар.

Д1адаханчу шерийн ойланца хьесап дича, тахана ч1аг1деш,  ала мегар ду, и референдум цу шарахь йина ца хиллехьара, и масех шарна т1аьхьатеттинехьара, вай къам, нагахь к1еззиг дийна диснехь а, т1еман к1елхьара далаза хир дара аьлла. Цуьнан цхьа а шеко а яц.

И дерриге а, Нохчийн Республикан хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш, цунах халкъ тешар бахьана долуш, хилла а дара. Цуьнга болчу ларамо, цунах дог-ойла тешаро бакъо елира нохчийн къомана, референдум чекхъяьлла дукха хан а ялале, 2003-чу шеран 5-чу мартехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикан Президент харжа. Конституцин бакъонаш ларъяр коьрта а лоруш, республикехь долу граждански 1едал д1ах1отторна а, и 1едал ч1аг1дарна а коьрта тидам т1е а бохуьйтуш, шен хан а, могушалла а, шен дахар а ца кхоош,  шена дукха дезаш долчу нохчийн къомана цо дина долу дика  дийцина вер а вац.

Кхушара итт шо кхочу вай къомо а, республикехь дехаш долчу кхечу къаьмнийн векалша а Нохчийн Республикан Конституции т1е а эцна, цу конституцин буха т1ехь шен дахар д1ах1оттийна. Йина керла г1ишлош, ишколаш, больницаш, стадионаш, спорткомплексаш, тайина ярташ, г1аланаш, х1ора юьртахь ду керла маьждигаш, тодеш ду некъаш, хьалха цкъа а ца хиллачу ярташкахь газ а, свет а ю. Дикачу аг1ор хиллачу хийцамех лаьцна дийцина вер а воцуш, туьйранахь санна, х1ора дийнахь керла кхиамаш бохуш, Россин кхечу субъекташкахьчул а машаре дахар а долуш, ехаш ю вайн республика, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича куьйгалла а деш. Кхиамца шен ден весеташ, цуьнан лаамаш, хьежамаш, сатийсамаш кхочушбеш схьавог1у иза.

Тахана санна, вайн къам а, вайца цхьаьна дехаш долу кхидолу къаьмнаш а, хьалха санна барт а болуш, машаречу дахарехь кхиамаш а бохуш дахийтархьама,  шайн синош д1аделла Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо А-Хь. Кадыровс, Нохчийн Республикан Госсоветан Председатела Хь. Исаевс, эзарнаш кхечара а. Дала декъалбойла вайн къоман, вайн мехкан маршонехьа къийсам латтош, шайн синош д1аделларш массо  а! Дала ийманца собар лойла уьш болчарна а, уьш лоруш долчу вайн къомана а! Кхин цкъа а т1ом ца гуш, вовшийн ларам т1етт1а совболуш, кхиамаш бохуш, массо а къаьмнашца бертахь а долуш, дахар хуьлда вайн республикан дуьне мел лаьтта!

Хьусайн ЯХИХАНОВ,

Нохчийн Республикан Парламентан

регламентан, къаьмнийн, динийн юкъаметтигийн,

арахьарчу уьйрийн, хаамийн политикан

хьокъехь йолчу Комитетан председатель